Детский сад N 15 «Машар» г. Гудермес "«Нохчийн Республикин школал хьалхара дешаран учрежденешкахь нохчийн мотт 1амор». "

26.03.2021

#Repost @dzhunaidov_kpdo • • • Ассаламу Iалайкум! Тахана Нохчийн Республикин Правительствон школе дахаза долчу берийн дешаран Комитетехь д1аяьхьира Республикански семинар. Цуьнан тема яра: «Нохчийн Республикин школал хьалхара дешаран учрежденешкахь нохчийн мотт 1амор». Беркатечу гуламехь дакъалоцуш бара: филологин 1илманан кандидат С. Эдилов, 2018-чу шеран Россин хьехархо А. Динаев, «Берийн беш» газетан белхахой М. Эльдиева, Д. Дудаева, Гуьмсан к1оштан школал хьалхара дешаран урхаллин коьрта говзанча Ж.Абдрахманова. «Къам дикане а, кхиамашка а кхочур дац, шен мотт а, культура а ларъеш дацахь» аьлла вайн Хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала г1азот къобалдойла цуьнан!). И дешнаш вайга дина весет ду. Нохчийн мотт кегийрхоша ларбан а, 1алашбан а беза, ткъа баккхийчара царна иза 1аморехь къахьега деза. Хууш ма-хиллара, вайн махкахь, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан омра кхочушдеш, ненан мотт 1амор, кхиор боккхачу тидаме эцна ду. Х1ора шарахь 25-чу апрелехь, ненан меттан сий-ларам лакхабаккхаран 1алашонца, шуьйра даздо Нохчийн меттан де. Иштта оцу аг1ор берийн бошмашкахь бечу белхан массо а х1уман т1ехь аьттонаш беш схьайог1уш ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочун г1оьнча Кадырова Зарган Ахматовна. Сайн ц1арах, Нохчийн Республикин Правительствон школе дахаза долчу берийн дешаран Комитетан берриге а белхахойн ц1арах даггара баркалла, Дела реза хуьлда ала лаьа и болх д1абахьа аьтто бинчу, даима массо оьшучу х1уманна т1ехь доза доцу накъосталла деш схьавог1уш волчу Ахьмад-Хьаьжин Рамзанна! Дала диканца бекхам бойла хьуна, лараме Паччахь! Дала вайн т1аьхье беркате йойла!