Детский сад № 15 "Машар" #Repost@udo_gudermes г. Гудермес,

22.03.2021

#Repost@udo_gudermes Лараме йиша Зарган! Массо а белхан накъостийн ц1арах даггара декъал йо хьо йинчу денца! Йолучу б1аьстенца маьлхан з1аьнарша кхелина дог1у хаза де санна ирсе дог1ийла хьан дахаран массо а де! Х1инца санна нохчийн халкъана а, вайн халкъан кхане хилла д1ах1итта дезачу кегийчу берашна а беркате йолуш Дала дукха яхайойла хьо! Къуоначу чкъуран иэшаме хьаьжжина церан хьашташ кхочуш деш, массо жимачу беран дахарехь йоккха меттиг д1алаьцна ахь, Дала хьайн нияте хьаьжжина диканца бекхам бойла хьуна! Тхуна хьо йовзарехь, шеко йоцуш ала лаьа, хьо хьакъ ю Ахьмад-Хьаьжин йо1 ю аьлла йоккха ц1е яккха! Дала беркате дойла хьан дахаран керла шо! Кхи д1а йолу зама г1оза-маьрша йоккхийла ахь!